Официальни веб-сайт Иеговин Тоьшалхойн

Коьртан агIо Beliefs Future Medical Topics Contact Us Publications Languages
Дала вайна хIун тIедожадо? Урок 4ТIаьхьараКхин дIа

Иблис мила ду?

Мичара даьлла Иблис, ШайтIа? (1, 2)
ШайтIано Адамаш Iеха муха до? (3—7)
Вайна Иблисан дуьхалдовла хIунда оьшу? (7)

1. «Иблис» Боху дешан маьIан ду, кхечух лаьцна зуламе аьшпаш буьттарг. «ШайтIа» маьIана ду «мостагI» я «дуьхьала верг». Ишта цIе тиллина яра Делан коьрта мостагIчун. Хьалха иза хилла къинош доцуш малика, дехаш хилла Делаца стигал тIехь. Амма тIаьхьо иза чIогIа дукха ойла ян хIоттина шех лаьцна, цунна лиина Делан бакъонца бетта безаш болу корта шена беттийла (Матфея 4:8—10).

2. И малик, ШайтIа, лаьхьехула диста хилла Хьавага. Цо аьшпаш биттина цунна лаийтина Деле лацадогIийта. Иштта ШайтIа дуьхьалдаьлла Далла деш долу куьйгалла а цалоруш, цуьнан уггаре лакхара меттиг цалоруш. Иштта ШайтIо шеко яш хаттар дина: нийса дой тIехь Дала куьйгалла я тидаме оьцу тIехь лахарнаш? Кхин тIе ШайтIо хаттар дина: хир дуй тIе цхьа адам Делан муьтIахь? Иштта дина ШайтIа хIоттина Делан мостагI. Цундела цунах аьлла ду ШайтIа, Иблис (Бытие 3:1—5; Иов 1:8—11; Откровение 12:9).

3. ШайтIа гIерташ ду Iехо адамаш, цаьрга шен корта беттийта лууш (2 Коринфянам 11:3, 14). Цунна цхьаъ кеп ю адамаш Iехадар — аьшпийн дин ду. Нагахь санна дин Делах лаьцна аьшпаш Iамош делахь, иза ШайтIан гIуллаккх деш ду (Иоанна 8:44). Цу аьшпийн динаш юьккехь болу нахан даггара моьтта, шаьш нийса корта бетта бакъ волу Делан. Амма бакъала, уьш бу ШайтIан гIуллаккх деш. Иза ду кху заман «дела» (2 Коринфянам 4:4).

Адамаш тила до аьшпийн дино а, спиритизмо а, къоман дозалло а.

4. ШолгIа ШайтIанан кеп адамаша ше куьйгахь латтада — спиритизм ю. Адамаш кхойкху гуш боцу ницкье, цаьрга шаьш лардайта а, кхечу адамашна вониг дайтита а, хиндерг алийта а, Iаламаташ дайтита а. Цу массо гIуллакхаш тIехь лаьтташ бу зуламан ницкъ — ШайтIа. Вайн Делан лаам бан лаахь, мегар дац спиритизман гIуллакхаш лело (Второзаконие 18:10—12; Деяния 19:18, 19).

5. Цу тIе ШайтIано Iехадо адамаш, чIогIа карзахдохуш цера къоман дозалла, царна лаийтуш корта бетта политическин организацишна. Цхьацца долу адамашна хета, шен къам а я расса къастина дика. Амма иза бакь дац (Деяния 10:34, 35). Адамашна моьтта шайн халонаш дIайохур ю политическин организацаш. ХIокху хIуманашахь тешаш долчу адамаш дIаттоьтта Делан Пачхьалкх. Адамийн халонаш Делан Пачхьалкхо бен дIайохур яц (Даниил 2:44).

Иеговах лаьцна кхин дIа Iамадеш, ШайтIана дуьхьало яш хила.

6. Кхин цхьа кеп ШайтIано Iеха дар адамаш — хаздар царна къинош долу лаамаш. Иеговас вайн тIедождо къехка къинош долу марзадаларшахь а деш долучу хIуманахь а, хIунда аьлча цунна хаа цара вайн зулам дой (Галатам 6:7, 8). Цхьацца долчу адамашан Iемина долу къинош лето, царна луур ду хьо шайх дIакхетийла а шаьш деш дериг ахь дойла а. Амма ахь хьайн дагахьлаттаде, иза лууш дерг ШайтIа дуьйла (1 Коринфянам 6:9, 10; 15:33).

7. ШайтIа лууш ду хьо Иеговах дIакъастийла, цо йийр ю дуьххало а, эккхийна лела вийр ву. Хьа гергарнаш чIогIа реза хир бац, ахь Деза Йозанаш Iамадойла хиича. Кхинберш, хир бу хоьхь боьлуш. Амма хьай вахаран хьо хьан декхаре ву? ШайтIа лууш ду хьо кхера вина, ахь Иеговах лаьцна Iамадар дуьтийла. ШайтIани толам ма бакхийта! (Матфея 10:34—39; 1 Петра 5:8, 9). Иблисан дуьхало яш, ахь Иеговин чIогIа хазахетийта, а гойту хьо цуьнгахьа вуйла (Притчи 27:11).

 

Арахецна 2006 чу шарахь

Коьртан агIоЛакхеТIаьхьараКхин дIа

Copyright © 2008 Watch Tower Bible and Tract Society of Pennsylvania. All rights reserved.